Главная » 2017 » Октябрь » 4 » Хьасан Бакаев: НОХЧИЙН ИСТОРИ ЛАРЙАРЦА ВАЙН КЪОМАН КХАНЕ ЛАРЙЕШ ДУ ВАЙ
01:03
Хьасан Бакаев: НОХЧИЙН ИСТОРИ ЛАРЙАРЦА ВАЙН КЪОМАН КХАНЕ ЛАРЙЕШ ДУ ВАЙ

Хьалхалерачу гуьржийн а, эрмалойн а, Iарбойн а шира тептарш тIехь талламаш бича, гуча долу дIадахначу шина эзар шарахь вайн къомах «нохчий» аьлла а ца Iаш, «кистий» йа «дзурдзукхой» олуш хилар.
Шира хенашкахь вайн дайша мел бина тIемаш а, цара кхоьллина хилла пачхьалкхаш а, цара йехкина гIаланаш а, гIап-гIаланаш а, церан кхийча къаьмншаца хилла политикан, культуран уьйранаш а – и шадериг а «кистий», «дзурдзукхой» бохучу къоман цIерашца доьзна ду историйн хьасташкахь.
«Кистий», «дзурдзукхой» боху цIераш Невре-Кавказан а, Къилба-Кавказан исторехь чIогIа сийлахь йу. ХIунда аьлча, и цIераш лелийна вайн дай сехьарачу а, дехьарачу а Кавказехь уггаре а шира паччалкхаш кхуллуш, жигара дакъа лаьцна бу. Дуккхах болу культуран, политикан хилам уьш йукъехь боцуш, цара шаьш дуйла ца хоуьйтуш чекх ца баьлла. Иза иштта хиларна тоьшал до гуьржийн, эрмалойн, оьрсийн гIарабевллачу историкаша.
Амма тахана вайна лулахь цхьа тоба йу и «кистий», «дзурдзукхой» боху цIераш нохчашкара дIа а йаьхна, шайн дола йерзайан Iалашо йолуш. Цхьа а документан тIе а ца тевжаш, йа документ хьахадахь, цуьнан чулацам шайна луъучу агIора а берзош, харца истори кхолла гIерташ йу и зуламан куталин тоба.
Вайн гIарбевлла историкаша масийттоза гуча йаьккхина церан и харцонаш. Амма и тоба бакъдерг лаха арайаьлла йац. Царна вуно чIогIа дика хаъа, шаьш зорбане дохушдерг Iилма доцийла, иза харцо йуйла. Иза хаа а хууш, шайн зуламе, питане болх дIалелабо цара, цхьа йоккха Iалашо йолуш. И Iалашо йу «кистий», «дзурдзукхой» боху вайн къоман шира цIераш вайгара дIа а йаьхна, цаьрца цхьана вайгара вайн истори дIайаккха. Ткъа, вайна ма-хаъара, СЕЛХАНЕ ЙОЦУЧУ КЪОМАН, КХАНЕ А ХИР ЙАЦ.
Цундела соьга хаьттича, вайн Iилманчаша, вайн историкаша хIора дийнахь йух-йуха а дIагайта деза бакъдерг, цу тIехь мало а ца йеш. ХIунда аьлча, вайн истори шайна дIаийзочара а ца йо мало, уьш денна шайн аьшпаш баржош, чIагIбеш бу. ТIаккха, цу харцонна хIора дийнахь дуьххьало йан йеза. Нохчийн истори вай ларйича, вайн къоман сий лардина а ца Iаш, цуьнан кхане а ларйеш ду вай

Категория: Зорба (публикации) | Просмотров: 1516 | Добавил: i_balaev
Всего комментариев: 4
avatar
4 hdadarov • 21:46, 12.02.2018 [Материал]
Алан Яс2 дня назадKhasan Dвот здесь краткое описание диссертации, к которой автор прилагает гигантский список работ большого количества авторов...
http://www.dissercat.com/content/etnogenez-i-voennaya-istoriya-iranskikh-kochevnikov-evrazii-v-period-ii-v-do-ne-i i-v-neвот здесь интересные списки учёных
https://ru.wikipedia.org/wiki/%D0%9A%D0%B0%D1%82%D0%B5%D0%B3%D0%BE%D1%80%D0%B8%D1%8F:%D0%98%D1%80%D0%B0%D0%BD%D 0%B8%D1%81%D1%82%D1%8B_%D0%A1%D0%A1%D0%A1%D0%A0https://ru.wikipedia.org/wiki/%D0%9A%D0%B0%D1%82%D0%B5%D0%B3%D0%BE%D1%80%D0%B8%D1%8F:%D0%98%D1%80%D0%B0%D0%BD%D 0%B8%D1%81%D1%82%D1%8B_%D0%A4%D1%80%D0%B0%D0%BD%D1%86%D0%B8%D0%B8https://ru.wikipedia.org/wiki/%D0%9A%D0%B0%D1%82%D0%B5%D0%B3%D0%BE%D1%80%D0%B8%D1%8F:%D0%98%D1%80%D0%B0%D0%BD%D 0%B8%D1%81%D1%82%D1%8B_%D0%93%D0%B5%D1%80%D0%BC%D0%B0%D0%BD%D0%B8%D0%B8по их фамилиям можно искать их статьи и книги
вообще, поиск по слову "иранисты" на Википедии
даёт большой список фамилий... Вот ссылки которые он мне прислал
avatar
3 hdadarov • 21:32, 12.02.2018 [Материал]
Хьасан , Ассалам 1алейкум .Я в переписке  в      КУ зле получил  материал , где ученые  Запада и Японии доказывют , что осетины являются  прямыми потомками алан ,т . е . государства Алания . зтот материал можно найти в запросе--  Иранцы .так  пишет  Алан Яс . могу передать его материал . вопрос-- какое отношение имеют наши предки к гос . Алания .
avatar
2 hdadarov • 22:32, 24.12.2017 [Материал]
хасан, я могу показать предметы бронзового века для исследования древних  связеи  снародами  "урарту". я заметил сходство некоторых предметов. таких украшений яне видел на  выставках бронзового века.кто можеть определить по моим предметам сходство и уровень цивилизации наших предков того века.я смотрел эрмитраж пиотровского,там не заметил некоторых  украшений.
avatar
1 hdadarov • 21:59, 23.12.2017 [Материал]
кто не знает свою историю и не уважает ее ,тот есть клоун.
avatar