Главная » 2017 » Июль » 31 » Улус-Кертахь хилла рог1ера цхьанкхетар. 07.2017
13:19
Улус-Кертахь хилла рог1ера цхьанкхетар. 07.2017

Ткъе иттолг1ачу июлехь, 2017-чу шарахь, Улус-Кертахь д1адехьир рог1ера ваштаройн цхьанкхетар.

Кхузе баьхкина бар моссо юьрташкахь болу ваштаройх нах; Ваштрара, Горгачера, Шуьйтара, Зонхара, Йараш-Маьрдера, Дочу-Борзера, Дуби-Ойлара, Улус-Кертар, Йоккхачу-Атаг1ара, Г1ойт1ара, Мартант1ера, Гихтара, Валаргт1ера, Ишхой-Юьртара.

1алшонаш яра - вовшен довзар, гергарлонаш карла дахар, марзонаш ийцар, х1оккху сайтан 1алашо йовзийтар, тайпан исторех дерг дийцар, дайн ц1ераш т1аьхь йолуш тептарш кечдан дезар т1едуьллуш, иштта кхин д1а а.

Х1ара болх мехалла хетта, кхузе мел веанчунна Дела реза хилар олу вай. Къесттина баркалла ду Матури к1ант Сайд-Мохьмадина а, Г1ойт1ара  Ахьампашина а, Валаргт1ера Ильясина а, Салавди к1ант 1абдул-Хьамидна а, Улус-Кертара Вахина а, цуьнан к1ант Мохьмад-1арбина а, Улус-Кертара имам Махьмудна а, цуьнан вежаршна а, Дочу-борзера Мушаев Хусейна а, Ваштрара Батаев Лёми к1ант Зелимна а. 

Сийлахьчу Аллах1а вайн юккъара барт ч1аг1 бойла! Вайн юккъе шайт1а хьовза пурб ма лойла! Амин!

Дешнаш, суьрташ, видео: Йоккхачу Атаг1ара Лечи к1ант 1ийса (Иса Балаев).

Цхьа де хьалха, кечамаш беш, Улус-Керта ваг1ар Сайд-Мохьмадий, Ахьампаший, 1ийсай.

 

>

Цхьанкхетарехь даьхначу суьрташца йаьккхина видео.

Категория: Суьрташца дийцар | Просмотров: 1421 | Добавил: i_balaev
Всего комментариев: 3
avatar
2 ahilles77995 • 10:24, 01.08.2017 [Материал]
Дал диканц лел дойл шу
avatar
0
3 isa-balaev • 11:26, 01.08.2017 [Материал]
вай...
avatar
0
1 h_mushaev • 15:34, 31.07.2017 [Материал]
шашлык дикам яр цигахь)
avatar