Главная » 2017 » Август » 28 » Горгачехь д1адехьина рог1ера цхьанкхетар. 27.08.2017
09:18
Горгачехь д1адехьина рог1ера цхьанкхетар. 27.08.2017

Цхьа к1ир хьалха, рог1ера цхьанкхетар д1адехьир Г1ойт1ахь, ваштарой кегийрахошна юьккъахь латар-хьуьнар къовсуш гулам д1ахьчу дийнахь (20.08.2017). Цулла т1аьхьа, сацам хилир, кегийрахой, латар-хьуьнар къоьвсинчулла т1аьхьа, Ваштара, Горгача хьала бигина, церан 1аламах а, вовшах а марзо уьйцитуш, церан самукъ даккха деза, аьлла. 

И бина сацам, дуккх ч1ог1а реза хилла шайна т1елецир Горгачера Исаев воккх Мамедас, жим Мамедас, Муслима а, Салажиев 1арбис, Батаев Зелимас а. Аллах1 Дели реза хил царна массарна а! 

27-чу августехь, цига хьала бигир Г1ойт1ара а Вларгт1ера кегийрахой. Ваштрара а, Горгачера хаза меттигаш гойтуш, доттуш, кхехкош жижиг долуш, хаза-мерза д1адехьир и цхьанкхетар. Суьйренца, вокх Мамед волчу х1усамех, баккхийчара марха а достуш, салават дуьлуш, альхьам олуш..., саг1анах кхеташ, Дели хьахош цхьна 1ийра вайн вежарий.

Г1ойт1ара а, Валаргт1ера а вайн вежарша доггах хьастийр шайна хьошалла дина болу хьалара вежарий а, церан доьзалш а. Моссо а ч1ог1а самукъдалла, баркалла бохуш бара, хьалара ваштарошна.
Г1ойт1ара Ахьампашас аьлла дешнаш дало леа суна кхузахь: "Мамеда нана а, х1усум-нана а ч1ог1а оьзда а, г1иллакх долуш карийр суна, Мамеда нана йоьвзича, суна сайн нана дага йеар..."

Дела реза хила, х1ара гулам д1ахьош дакъа мел лецна чунна!

Сийлахьчу Аллах1а, вайн барт бохо пурб ма лойл цхьана дена, Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Дуьненахь а, эхартахь а, Дала Шен диканах ма дог1ийла вай!

Дешнаш: 1ийса Балаев.
Суьрташ: Зелим Батаев, Ильяс Хамсаев.

Категория: Суьрташца дийцар | Просмотров: 1213 | Добавил: i_balaev
Всего комментариев: 0
avatar