Главная » 2015 » Август » 5 » Бахьарчи Исмаь1ал-молл (Маь1а) - Бахарчиев Исмаил мулла
16:30
Бахьарчи Исмаь1ал-молл (Маь1а) - Бахарчиев Исмаил мулла

Исма1аьл-молла дикач нахах хилла саг ву, наха авлияаш олуш болу нахах хилла из. Шегахь 1илм долуш хилла, Докка шейхиц куьг лаьцна цунна мурид хилла ву из. Коммунисти 1едал т1едеач цар лаца г1ерташ наха лач1ин лелавина ву. М1амигар ву, тхан ц1ин саг хуьлуш ву. 

 


Юккъехь, к1айн куй тиллинарг ву Исма1аьл-молл.

Цхьан хенахь тха деде дас ше чохь лач1ин лела вина из. Тха деде да Мохьмад Гайсултанов (К1ела олуш хилла цунах ц1е ца йокхуш) бердах вахан ког лазина, астаг1 волш хилла.

Цхьан динахь Вашдара нквдшникаш хилла баьхкина, Бондаев Мохьди волч чу баьхкина хилла уьш (Аз милици я прокуратури белхло хилла) Циг чу овш 1аш, коьре  мотт тухчо кехат кхоьсна "Бахарчиев Исмаил у Гайсултанова дома" аьлла. Т1акх нквдшникаш хьал икхина, эццахь Мохьдис аьлла: "Исмаил вокх саг ву аз гена г1ог вац, сих ма ло", цаьрг аза а аьлла ше вашиг т1ехол ара вале сих хаам бе аьлла цо тха деде дег.

Т1акх шег хаам бич Мохьмад шец Исма1ил эцна хьачк1аш юкъе г1ол охьа вахне, ше х1усум нене ша лулах вахан ву ала аьлла.

Тха Де дас дийцар: "Чу лилхин болу нквдшникаш ше нан чих яр, яр мотт бовх бу кхузар хьалг1аттан д1абахна овш" бохш г1овг1 яш хилла цар. "Шен х1умма ца хаа, бераш ду кху мотт т1е дийшин" - аьлла цо.

Т1акх хьа х1усум да Мохьмад мича вахан аьлла цар. Ишт лулах вахан аьлла вукхо, цигахь бахан аз лаьцна цар. Д1авиган ши-кхо де даькхина цо х1умма ца дицичи хьа вайтна, Дел къинхетамац.

Ишт наха дукху лелина Исма1ал-молла, варандош жим зуда ялина хилла цун. Къан велла чул т1аьхьа 80-81 шо хилла цун, наха 1едале маьрш вит хьар аьлла дехарш даш лаьтш г1улкх хилла. НКВДс цун а х1усам нана д1алаьцна шеца 1,5 шо долш берацане (Анист бохш хилла цун йо1). Маь1а ша могш воцш хилла, цуьнг хаитш ца хилла а г1улкх, ше де ц1а Варанд яхан ю бохуш цуьнг д1а ца олш 1аш хилла. Юха цо хоьттуш, ша оццал цомгуш волшехь ма дукх 1аш ю аз бохуш, цун к1ант д1адицна муьжгиш аз лаьцна хилар.

Шена аз хаа ма хиъне т1е ваха тох велла Маь1а. "Делах аьхь ма ду аз, бер зуди ишт дитар цигахь" - бохш са гатдаш хилла цо. Цуьнг наха аьлла "Собар де тахан буйса якхе, кхана 1уьйранна т1ег1ог ву хьо".

Са ма тессане Маь1а т1е вахан 1едалан, цар д1алаьцна аз. Т1акх кхун хьал гичи цер куьгалхош яра больнице охьа вилла аьлла, Къан велла волу цомагш волу яр ч1ог1  кхераме вац аьлла. Амма мотт боьтш йолу х1уманаш ша болх сацош ца хилла "Аз х1илли даш ву, аз цомгаш вац" - бохуш доносаш яхьитна цар.

Цигар набахте чу воьллана Маь1а, цуьнц хилла Доч-Борзер цхьа саг а, 1абдул-1азим бохш волч саг да а. Цу шинге цо аьлла: "Хьо ворх буттахь 1ена ара ваг ву хьон, хьо цар цхьажим ницкъ бина, дукх ца 1аш ар ваг ву. Ша кху чу д1акхелхаг ву, ше дакъа маликаш д1ахьог ду, вашдарой яхь йолш бу, дакъ дезг ду цан, цаьрга ма лех ал ше дакъ"

Ишта аз цига д1акхелхана, цу чур дакъа д1а дайна цун. А дакъ цигахь ца карор тешал дина цу чу болх баш хилла волу цхьан т1ерло чо, лорал даш хилла аз цу чу.

Аз хилла1937 шерахь.

Тха де дас Сайд-1алис дийцар  Маь1и караматаш гуч дийлар. Белла болу неха хьал хаитш хилла цун Дала, цхьан динахь ишт саг 1азапехь вукх аьлла цун каш т1е Къуран деша охь хайна хилла аз, т1акх оц каш чур куьг ара даьлла Къор1а т1етуьйхир бах цун.

Махкат1ер Юсуф-хадж вог1ш хилла Вашдар, вашдарошца ч1ог1 гергарло хил ву аз. Цун хьаша хилла Горгачар Теси Ахьмад. Цхьан дийнахь Юсуф-хаджий, Ахьмадий ч1иннах новкъа ваьлла генна воьдуш, ц1ахьана Юсуф-хьаджас аьлла: "Вайшиъ юх вах вез". Т1акха Ахьмадас "Вайши х1ун воьд" х1умма а цо хоттуш юх бирзина овш. Горгача кхаьччи цо хьаттина "Вай чу ца хьойз" аьлла. Юсуф-хаджс аьлла: "Х1а х1а вайш Исма1ил волче чу вах везш ву". Такх а шиъ чу ма ваьллане Маь1ас кхи кхер къамял хиллай аьлла: "Деллахь Юсуф-хадж, сайх шек волш юх верзи ас хьо, шу шиъ гена ваьллехь а". Т1акха Юсуф-хаджис аьлла: "Исмаь1ил ахь са ма гат де кху цамгарах хьо лаг вац хьон". Ишт къамял хилир цер аьлла дицна Теси Ахьмад.

Вашдарар Ибрах1имс(Магомадов) дийц: Маь1иг мовлде кхайкхин хилла цхьан къе сага, дик ду ша вог1г ву аьлла 1аш, Са1дул бохш хьал долш саг вена шена цу суьйранахь молд йеш аьлла, х1а х1а ша кхайкхин ву аьлла Маь1ас, ша вог1г вац аьлла. Са1дулс ша ч1ог1 лелог ву хьо, уьстаг1 луг бу аьлчи а г1улкх ца хилла.

Кхи а дуьйцу цо: Сардал (Сардаловг1ер да) бохш хилла Вашдарахь цхьа саг, цо цхьан дийнахь охькхайкхна Маь1иг: "Во Исма1ил" аьлла. Маь1ас жоп ца делла. "Во Исма1ил" аьлла юха а кхайкхна. Маь1ас жоп ца делла."Во Исма1ил со волч мовлад еш вола аьлла кхайкхар ша вист ма ца хил хьо" -аьлла цо. "Йоьшуг яц " - аьлла Маь1ас. "Х1унд ца еша ахь" - аьлла хаьттина Сардалс.

Маь1ас аьлла: "Ахь хьайн хьалхара чу лаьцна долу латта д1а ца хецахь ша мовлдам тешне йоьшг ецар хьон, хьа чур хин къурд баг бецар ша". Эццахь Сардал дохкох ваьлла тоба дина, латта д1ахецна, т1акх Маь1а вахна аз волче.

Тха дедас вийцар а Маь1а, цкъа вист хуьлш вецар бах аз, гуттар корт охь та1ин 1аш хилар бах, даиман Дал 1амал яш хилла аз.

Дала ше къинхетам байл цунах а вайха.

Яздинаг: А.Гайсултанов

Сурт т1ехь юкъе 1аш ву Исма1ил молла.


Категория: Г1арбоьвла ваштарой | Просмотров: 2333 | Добавил: ahmad_gaisultanov
Всего комментариев: 0
avatar